Детский литературно-художественный журнал на чеченском языке - Стела1ад

Please update your Flash Player to view content.

Журналана язвала таро ю "Россин почтан" з1енан отделенешкахь а, журналан редакцехь а. Индекс: 73942.

Мах 350 сом 73 кепек (эхашарна).

Паччахьан дош

E-mail Печать

Халкъан туьйра

Цхьа паччахь хилла чIара дукхабезаш.
Цхьана дийнахь шен зудчуьнца араваьлла садоIуш паччахь волуш, карахь чIара а бохьуш вогIу цхьа стаг тIекхаьчна царна. Цуьнан карахь болчу чIерах бIаьрг а кхетта, паччахь, хIара тIе а кхайкхина, кхуьнгара чIара дIа а а эцна, шен карахь иза дIасахьийзо волавелча, оцу стага аьлла, и чIара хьайна битахьа, шена иза эша а ца оьшу.
ТIаккха паччахьо, и шеца гIиллакхе валарна, совгIат дан дагадеъна, стаге аьлла:
– Хьада, хIара кехат а эций, шен хазнанчина тIе а гIой, цхьа эзар шай даьхни схьаэца хьайна.
И стаг эзар шай схьаэца ваханчу хенахь зудчо хаьттина паччахье:
– ХIун дели ахь цунна?
Паччахьо, эзар шай дели ша, аьлла.
И хезча, зуда карзахъяьлла:
– Хьо хьераваьлла я телхина?! Шарахь эскарна ца йо оццул харж. Дош ду и, я хабар ду и! Иза шена хезначу муьлххачо а эр ма ду, и паччахь лартIехь вац, и чIара цунна хьаъа а бохьур бара, аьлла.

Iилманан корта

E-mail Печать

Гапаев Iабдул

 

Цхьана жимчу стага сацам бина, генарчу махка а вахана, Iилма Iамо. ЦIахь да-нана а, керла далийна нускал а дитина, гIаш, кхаа беттан некъ юьхьара а лаьцна, араваьлла иза.
БерхIитта шарахь Iилманан кIоргене кхача гIерташ къа а хьегна, эххар цIехьа вирзина Iилманча. ЦIа кхача герга ваханчу хенахь цунна дуьхьалкхетта, кIайн маж а йолуш, цхьа воккха стаг.
– Хьо мила ву? Схьагарехь, генара некъ лаьцна вогIуш ву-кх хьо, жима къонах? – аьлла воккхачу стага.
ДIабийцина кIанта ша арабаьккхина хилла некъ. Иштта, Iилма Iамо ваханчуьра вогIу ша,цо аьлча, воккхачу стага хаьттина:
– Iилманан корта хIун бу, хиин хьуна, берхIитта шарахь айхьа Iилма Iамош?
Жоп дала ца хиъна кIантана.
КIантана жоп дала ца хиъча, воккхачу стага аьлла:

Мискачу стеган к1ант

E-mail Печать

Нохчийн халкъан туьйра

Цхьана мискачу стеган цхьа кIант хилла.
Ша валале, дас весет дина цуьнга:
– Варий, варий, ас ца аьлла олийла дац хьуна, куьйсачу стагана балха ма хIотталахь: куьйса стаг сутара а, тешам боцуш а хуьлу хьуна!
Да веллачул тIаьхьа, кхин дан хIума а ца хилла, балха хIотта цхьана юьрта вахана кIант.
Дуьхьалваьлла кхунна цхьа куьйса стаг.
– Ахь хIун леладо, жима кIант? – хаьттина цо.
– Со-м, цхьанна чухIотта бохуш, веанера, – аьлла кIанта.
– Со ву-кх, балха хIотта стаг лоьхуш, – аьлла куьйсачу стага.
– ХIан-хIа, куьйсачу стагана балха ма хIотта аьлла, весет дина соьга сан дас, – аьлла, дIаволавелла кIант.

Оьздангалла

E-mail Печать

Хьоме бераш! Ас тахана дуьйцур ду шуна оьзда леларх хервечу хIуманех. Вайн Пайхамара (Делера салам хуьлда цунна) ца магийна шуна ийман долчу стагана мух-мухха а лела. Вайн Пайхамара (Делера салам хуьлда цунна), ца дича, гIолехь лерина шуна, нахана товш ца хеташ долу хIуманаш. Ца дийцича а мегар долу хабарш дуьйцучул, ла а дугIуш, ойла а еш, тапъаьлла Iар гIолехь лерина цо. Вайн Пайхамара (Делера салам хуьлда цунна), адамо ша шена зулам дечу хIуманех лерина шуна, ца дича мега дерш, доккха къа дацахь а. Оьздачу стагехь товш дац шуна дукха лер, дукха хIума яар, яахIума юуш дIасахьежар. Могашаллина эшам беш а, стаг юьхьIаьржа хIоттош а хIума ду шуна дукха тIех йовха хIума яар а, дукха тIех шийла хи малар а, цхьана метта тIекI-тIекIел тайп-тайпана хIуманаш яар а. ПхьегIан юккъе а ца кхийдаш, йисттера схьаоьцуш, яалаш хIума. Дикка Iаьвшиний бен, къурдбан сихвала мегар дац. Меца а воцуш, яъане яа мегар дац хIума.

Страница 1 из 27